ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пентагоно Iамор бу Украинин къоман гвардин эскархой


8 миллион долларна тIеман гIирс бала дагахь ю Iамерка Украинина. Цунах лаьцна ПIераскан дийнахь хаам бина Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министралло. Iамеркахоша Украинина лур ю бронетранспортераш а, яккхийн машенаш а, биноклш а, тIеман катерш а, буса сагойту гIирс а.

Украинин къоман гвардина кечам баран план а кечйина Пентагоно. Иза кхочуш ян Iедалшка 19 миллион дехна тIеман министралло. Пентагонан планаца а догIуш, Iамеркан тIеман говзанчаша Iамор ю Украинин къоман гвардин 4 рота.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG