ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массех телевизион дIакъевлина ГIажарийчохь


Иранерчу гIаланашкахь сателиташкахула хьовсу телевизионе
Иранерчу гIаланашкахь сателиташкахула хьовсу телевизионе

ГIажарийчоь шиIатойх лаьтта доккхачу декъанна. Суннатошна дуьхьал пропаганда кхуллу мохк а хилла оцу пачхьалкхах. Амма , гарехь, суннатошца эгIар шена пайде доцийла кхетайоьлла пачхьалкхо гIулчаш яха йолийна бусулба дин шина гаране дахар.

Суннатойн уммат сийсаздан гIерташ программаш арахоьцу аьлла, критика кIел эцна махкахь шиIатойн телевизионаш. ГIажарийчоьнан информацин министралло дийцарехь, массех телевизионан белхахо лаьцна ТехIеранехь а, гIаланашкахь Кум, ИсфахIан, ХIорасан.


Журналисташ леца бакъо елла пачхьалкхан кхелах йозучу хьукматаша, хаам бо прессехь. Телевизионаш дIакъовла бахьана делларг ду – суннатошна деза долу ламасташ сийсаз а деш, бусулба дин декъа а, махках алссам даьржина долчу шиIаталлан цIе йожо телевизионаш гIертар.

Стигалкъекъа—баттахь ГIажарийчоьнан оьздангаллин министралло цхьайолу телевизионаш бехкейира пачхьалкхан низам талхорна, царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьадилла тарлуш хилар а хоуьйтуш.

Телевизионашна дуьхьал болх болийра ГIажарийчоьнан Iедале ХIезболлахI-боламан лидеро Насралла Саид Хьасана, суннатошна дуьхьал махкахь яржае пропаганда сацаяхьара аьлла дехча.

XS
SM
MD
LG