ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь кхин а гIаланаш дIалецна гIаттамхоша


Иракъехь тIемаш бечу Исламан Пачхьалкхан бIаьхоша дIалаьцна оцу махкахь йоккхачех ларало керстанаш беха гIала Кхарагош. ТIамах къаьхкина мухIажирш бевлла эзарнаш бахархой. Курдойн пешмарга-тобанашца тIемаш беш яьккхина и гIала. Иштта еарийдийнахь дIалецна керстанаш беха кегий гIаланаш Талл-Кайф а, Бартелла а, Карамлеш а.

Оцу хьокъехь керстанашна гIодаре кхайкхина дуьне Римерчу Папас Франциска. Курдойн Киркук-шахьарахь шиIатойн маьждигна уллехь машен а эккхийтина, вийна лаххара а 6 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG