ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нахехь доцу ахчанаш даха арадаьлла Нохчийчоьнан Iедал


Нохчийчуьрчу «Чеченрегионгаз» хьукмато хаам барехь, цуьнан белхахой бу газах тIехьарчийна ахчанаш схьадохуш, нехан керташка хьийзаш кху муьрехь. Шуьйрра бо хьукмато а, коммуналан ницкъаша а и болх кху деношкахь Хьалха-Мартанан кIоштахь.

Мах охьа ца буьллучаьрца деха ца дуьйцуш, церан газ дIахадайо шаьш, боху «Чеченрегионгазан» векалша. Бахархоша дийцарехь, итт де ло ахча охьадилла иза доцучарна, цул тIаьхьа бахам кхеле а биллина, дIабоккхур бу декхархошкара, аьлла кхерамеш тесна Iедало.

Ягочух, серлонах, хих мах охьабилла таронаш йоцуш бу дукха нах. Оцу юкъанна махкахь оцу ниIматийн мехаш 5 процент лакхабаьхна ши бутт хьалха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG