ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан банкийн цхьанакхетаралло Пачхьалкхан Думе «Исламан финансаш» цIе йолу низаман проект кховдийна. Центробанкан дакъошлахь шарIан кхеташо кхолла оьшуш хиларан тоьшалла далийна цхьанакхетаралло.

Проектехь яздина ма-хиллара, бусулба пачхьалхашкахь лелош йолу банкийн кеп а хир ю Оьрсийчохь. Ял яккхар а, ахча барамал сов кхерама кIел дахьарна а бехкамаш бийр бу керлачу низамо, боху Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан экономикан департаментан куьйгалхочо Калимуллина Мадинас.

Калимуллина: «Исламан финансаш» бохург - иза бусулба динца доьзна гIуллакхаш лелор ду. Ял йоккху гIуллакхаш магийна дац. Проценташна ахча дала а, я эца а магийна дац. Ткъа иштта, са йоккхуш, банкехь ахча дитар а дац бусулба динехь магийна. Оьрсийчохь беха бусулба нах дукха а хан ю низам тIеэцаре хьоьжу».

Ткъа ШарIо магочу кепехь ахчалелор тIеэцарехьа кхайкхам бен дуккха а хан ю Оьрсийчохь. Ши шо а ду проект кийча йолу. Иза тIеэца сихлуш бацара депутаташ. Амма хIинца хьал хийцаделла. Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш кхайкхор бахьана долуш, низам чекхдалийта тарло карарчу хенахь, боху Экономикан Iилманан профессоро Батаева Бэлас.

Батаева: «Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яхаро Iаткъам бийр бу низам тIеэцарна. Финансашна тIехь гучудер ду иза. Цундела «Исламан финансаш» цIейолу низам тIаэцийта дика хьал хIоьттина. ТIаьхьарчу хенахь Москох а, кхечу кIошташкахь а Исламан экономика кхиорехьа болх бу беш. ГIезалойчоь а, Дагестан а ю оцу новкъахь. Ткъа Нохчийчохь, довза лаар доцург, гучудаьлла хIумма а дац цкъачунна».

Ткъа ШарIо кховдочу кепехь ахчалелорах хIинцале пайдаоьцуш ю Оьрсийчоьнан цхьайолу кIошташ. Ишттачех ду, масала, ГIезалойчуьра «Амаль» финансийн цIа. Ахчанца болу болх берриг а бусулба динца нийсбина компанино. Ткъа клиенташ бусулба нах хилла а ца Iа. Цунах хаа мегар ду, Оьрсийчохь гIараяла дукха хан ца оьшицла оцу системина, бохуш дуьйцу «Амаль» цIийнан куьйгалхочо Низамов Рашида.

Низамов: «Тхан клиенташна юкъахь дукха а динан гIиллакхех боьлла боцу нах а бу, кертанаш а бу. Ял ялар а, яккхар а шайна мегаш доцу дела тхо долчу богIу уьш. Амма дукхахберш бусулба нах бу. Болх а цаьрца бо оха».

Эксперташа дийцарехь, «Исламан финансаш» низам тIеэцаро шеко а йоцуш бохьур бу шен пайда. Ткъа коьртаниг, духалург оьцучу ахчанна тIе саяккха цамагар ду.

XS
SM
MD
LG