ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбалера кхо гlала дlалаьцна Украинин эскархоша


Украинин малхбалехь террорана дуьхьал операци дIахьош болчу Украинин эскархоша шайн куьйгакъелла эцна кхо гIала. Царах цхьаъ ю Луганскан махкара Чернухино-гIала. Важа шиъ ю Донецкан махкара Булавинское а, Александровское а олу ши гIала.

Цунах лаьцна хаам бина Украинин кхерамазаллин а, тIеман а къоман кхеташонан векло Лысенко Андрейс. Цо дийцарехь, Украинин эскархой го беш бу Луганскерчу сепаратистийн тобанашна. Лысенкос бинчу хаамца, тIематасадаларш ду дIадоьлхуш Донецкана а, Луганскана а, Горловкона а гонаха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG