Донбассерчу Луганск-гIала Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратистех мукъайоккхуш операци йолийна Украинан эскарша. Иштта гонелаьцна Донецк а, хаам бо Киеверчу Iедало.
Шинарий дийнахь Луганскна гергахь вийна 15 маьрша вахархо карийна пачхьалкхан эскарна, и нах сепаратисташа шаьш гIаличуьра бовдале байъина, боху Iедало. Ткъа сепаратисташа иза кIоршаме пропаганду ю аьлла дIакхайкхийна.
Оцу юкъанна, Оьрсийчоьнан арахьарчу министра Лавровс хаам баржийна, шенний, Дуьненааюкъарчу ЦIечу ЖIаран президентанний барт хилла Оьрсийчуьра новкъаяьлла, дозанехь сацийна латтаен гуманитаран ковра Донбассе дIакхачийта, аьлла.