ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанера протесташ лаьтташ ю


Пакистанан премьер-министр Шариф Наваз даржах вохаре сатуьйсучу протестанхойн гуламаш лаьтта Исламабадехь. Пачхьалкхехь хIоьттинчу хьолах лаьцна къамелдан дезаш вара иза еарийдийнахь парламентехь. Амма ца дина. Цо шегара дарж дитарх дIахьедар даре догдоху гуламхоша. Iедалан векалшца хилаезачу бертан къамелан рогIерчу раунде ша гIур вац, хаам бина оппозицин лидера Хан Iимрана. Цуьнан партера депутаташ а бацара парламентехь болх беш еарийдийнахь. Шарифна даржера дIавахар тIедожадо Хана а, гуламхойн шолгIачу лидеро, махкахь лоруш волчу Iеламчас ул-Къадри ТIахIира а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG