ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо стаг вийна Донецкехь хиллачу тIемашкахь


Лаххара а кхо стаг вийна Донецкехь Шинарин буса хиллачу тIемашкахь. Цу гIалин администрацино бинчу хаамца, герзаш деттар бахьана долуш дохийна масийтта цIа. Донецкан цхьайолу кIошташ ток а йоцуш йисина. Луганскехь ток йоцу 24 де ду. Цигахь тоьаш дац хи. Болх беш яц мобилан а, стационаран а зIе. Шинарин буса цу гIалахь йохийна масийтта гIишло. Вийна-ваьккхина стаг ву-вац хууш дац.

Антитерроран операци дIахьочу зонехь кхелхина 12 Украинин эскархо. Кхин а 19 чевнаш йина ву. Цунах лаьцна хаам бина Украинин Къоман кхерамазаллин а, тIеман а кхеташонан векло Лысенко Андрейс.

Украинин эскархой тIемаш беш бу Луганскана уллехь йолчу Родаково олучу меттехь. УНИАН агенталло бинчу хаамца, тIаьхьарчу дийнахь-бусий антитерроран операци д1ахьош вийна 247 сепаратист. Йохийна 2 танк а, 8 БТР а, ткъа иштта шиъ ракеташ туху «Град» система а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG