ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн эскаран керла тобанаш чуяхна Украине


Украинин тIеман министраллан векалша чIагIдарехь, керлачу Оьрсийчоьнан эскаран дакъоша Украинин доза хадийна Кхаарин дийнахь. Украинин Къоман кхерамазаллин а, тIеман а кхеташонан векло Лысенко Андрейс бинчу хаамца, оьрсийн эскархой чубахна Донецканна 60 километр йолчу Амвросиевка олучу гIала.

Цигахь дIатарбелла бу сепаратистийн ницкъаш. Украинин векалша дийцарехь, танканехь а, гIагI диллинчу техникех а лаьтташ йолу оьрсийн тIеман ковра хааелла Донецкана 80 километр йолчу Телманово гIала йоьдуш. Иза хуьлуш ду цхьа де хьалха Украинин президенто Порошенко Петрос Минскехь Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цу регионехь машар хIоттаран некъаш бийцаре бинчул тIаьхьа.

Путин реза вара Украинехь машар хIоттон гIулчаш яха, амма тIом сацорца йоьзна муьлхха а планаш Украинин чоьхьара гIуллакх ду, Киево и дийцарш гIаттамхошца дан деза бохуш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG