ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исламан пачхьалкхе шен къантах къинхетамбар доьху Сотлоффан нанас


Исламан пачхьалкх тобано йийсарехь латтош волчу Iамеркерчу журналистан Сотлофф Стивенан нанас дехар дина тIемалошка шен кIантах къинхетам бахьара аьлла. Сотлофф Ширлис Исламан пачхьалкхан куьйгалхочуьнга ал-БагIдади Абубакре дехар деш яьккхина йолу видео гучуяьлла интернетехь. Цу зудчо дехар дина цуьнга Мохьмад-пайхамар деш хиллачуьнах масал а эций, къинхетам бахьана шен кIантах аьлла.

«Аса доьха хьоьга сайн кIант маьрша ваккхар. Аса доьху хьоьга хьайн бакъонах пайда а эцна, иза дийна витар» - боху Сотлофф Ширлис видеон тIехь. Исламан пачхьалкхо дIахьедар дина шаьш Сотлофф вуьйр ву, нагахь Iамерко шайна герзаш деттар саца ца дахь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG