ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЧIагIо йина Туркойчоьнан керлачу президенто ЭрдохIана


Хьокъарахь чIагIо йина Туркойчоьнан керлачу президенто ЭрдохIан Реджепа. Цунах лаьцна хаам бина туркой хаамийн гIирсаша. ЭрдохIанан инаугурацин церемони хилира Туркойчоьнан парламентехь. Цигахь дакъалоцуш бара иттех сов пачхьалкхан кууьйгалхой.

ЭрдохIан Реджепа толам баьккхира кху беттан 10-чу дийнахь массо а наха дакъалоцуш хиллачу президентан харжамашкахь. Цул хьалха 11 шарахь иза вара Туркойчоьнан премьер-министр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG