ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертаца барт бар тIечагIдийр ду Украинин депутаташа


Евробертаца бийр болчу бертах лаьцна Лаккхарчу Раде документ кховдор ду Украинин президенто Порошенко Петрос кху беттан 16-чу дийнахь. Цунах лаьцна хаам бина Украинин Лаккхарчу Радан гIантдас Турчинов Александра. Оццу дийнахь цунна ратификаци ян а мега депутаташа. Турчиновс дийцарехь, и гIуллакх хьем а ца хуьлуш чекхдера ду аьлла тешна ву иза.

Цо бинчу хаамца, Порошенкос барт бина Европан парламентаца, оццу хенахь Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн векалша а цу бертана ратификаци йийр ю аьлла. Евробертаца ассоциаци яр хьокъехь болчу бертан политикан декъанна тIе куьг таIийраУкраинин куьйгалхоша кху шеран Зазадокху-баттахь. Ткъа экномикан декъанна тIе куьг таIийра Порошенко Петрос Мангал-бутт чекхболуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG