ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан Пачхьалкхна" дуьхьал кхеташо


Парижехь кхеташонехь дакъалаьцначу 30-ттех пачхьалкхо а, юкъараллалаша а сацам бина Иракъна цигарчу «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу гIаттамхойн тобанашна дуьхьалоеш тIеман гIо кхачон. И гIо сихха дIахьажо деза бохура оршотдийнахь сацамбинчу Малхбаленан а, Малхбузенан а мехкаша. Амма билггал хууш дац, и тIеман гIо муьлхачу кепехь, хьесапехь хир ду.

Кхеташонехь Иракъан президента Масим Фуда дIахьедира, гIаттамхоша ден зуламаш даккхий а ду, цара мохк дIа а лоьцуш, геноцида кIел хьош а бу, царна дуьхьало ма-хуьллу сиха ян а еза, аьлла. Францин президента Олланд Франсуас а элира, гIаттамхой дуьненна а кхераме бу, царна луш долу жоп а хила деза хьакъдоллуш. Кхеташонах лаьцна алсамо дуьйцур ду тхан корремпондента тIаьхьо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG