Бамба схьалахьош Iедалхоша аренашка арабоху баккхий нах а, бераш а, тайп-тайпана говзаллаш йолу белхахой а. И болх байта мегаш дац 18 кхаьчна боцучу керийрхошка. Амма баккхийнарш санна къахьоьгуш хуьлу Узбекистанехь кхиазхой а, бераш а. Бамбийн аренашкахь къахьоьгуш хуьлу пенсионераш а. Цхьайолу дарбанан хIусамаш цу хенахь болх беш ца хуьлу, ткъа лоьраш а, кхин болу белхахой а бамба схьалахьош хуьлу. Маршо Радион Узбекийн сервисан сурташ.
Узбекистанехь бамба схьалахьош бу баккхий нах а, бераш а

1
Ташкент кIоштахь бамба схьалахьош ву хIара кIант. Берашка и болх байтар дихкина ду. Амма иза терогоне оьцуш дац Узбекистанехь.

2

3

4
Нуьцкъаша балха арабоху пенсионераш а.