ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Деза герзаш юхадаха реза хилла Украинера "сепаратисташ"


Донецкера Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа дIахьедар дина, Минскехь тIеэцначу меморандумца а догIуш, еза техника юхайоккхуш ду шаьш аьлла. Цунах лаьцна, сепаратистийн штабана тIе а тевжуш, хаам бина РИА Новости агенталло. Оршотан дийнахь Украинин эскаран векло Лысенко Андрейс хаам бира, еза техника а, герзаш а 15 километр юхадаккха долийна шаьш аьлла.

Минскерчу меморандумца а догIуш, тIемаш бечу агIонашна юкъахь машаран зона кхолла езаш ю, 30 километр шуьйра а йолуш. Оццу хенахь Украинин Iедалша а, сепаратисташа а вовшашна бехкаш дохкуш ду герзаш деттар хьокъехь кху беттан 5-чу дийнахь бина барт бохорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG