ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Деза герзаш доцу меттигаш билгалйохуш ю Укранин малхбалехь


Украинин а, Оьрсийчоьнан а, ОБСЕ-н а векалш цхьаьнакхетта Донбассера буферан зонан дозанаш билгалдаха. Цуьнах лаьцна хаам бина «Украинская правда» интернетан газето. И цхьаьнакхетар дIадоьдуш ду Донецкана генадоцуш.

30 километр шуьйра йолу кхерамазаллин зона кхолла барт бира, кхаа агIоно дакъа а лоцуш, Минскехь кху беттан 19-чу дийнахь хиллачу цхьаьнакхетарехь. ТIом беш йолу ши а агIо деза герзаш юхадаха дезаш ю 15 километр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG