ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Испанех дIакъаста дагахь ю Каталони


Каталонин куьйгалхочо Мас Артура сацам бина кху шара Лахьан-беттан 9-чу дийнахь и автономин кIошта Испанех дIакъаьсташ референдум дIаяхьа. Мадрид цунна дуьхьала ю. Референдумна дуьхьало ян дагахь ву ша аьлла дIахьедар дина Испанин премьер-министро Рахой Марианос.

ТIедогIучу кIиранах цу хьокъехь леррина кхеташо дIаяхьа дагахь ю Испанин министрийн кабинет. И хаттар дIадала мегаш ду Конституцин кхеле.

Каталони, шен коьрта гIала Барселона а йолуш, экономикан таро йолу регион лоруш ю Испанехь. Цуьнах йозуш йоцу пачхьалкх хилийта лууш болчу нехан терахь алсам даьлла цу махкахь экономикан кризис йолаелчхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG