ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а Таркхойн хIорд бу боькъуш


Таркхойн хIордаца болчу мехкийн йоьалгIа саммит йолаелла Аштаркхнахь. Дакъалоцуш бу цигахь Азербайджанан, ГIажарийчоьнан, Казахстанан, Оьрсийчоьнан, Туркменистанан куьйгалхой. Президенташ Алиев ХIейдар, РохIани Хьасан, Назарбаев Нурсултан, Путин Владимир цхьаьнакхеташ бу Таркхойн хIордах мехкаша пайдаэцар къастон. Массех шо ду хIорд боькъуш йолу пхи пачхьалкх миллиардаш долларшкахь хичуьра а, бердех а схьадолу мехкдаьтта а, газ а шайлахь екъа гIерта.

Таркхойн хIордах дохку маьIданаш доькъуш барт хIоттийна хилла ГIажарийчоьной, Советан пачхьалкхой 1940-чу шарахь. Амма хIетахьлера барт къобал ца бо Азербайджаной, Казахстаной, Туркменистаной. 12 шо ду хIордах дерг къастош саммиташ дIахьо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG