Украинан малхбалера гIаттамхой Iедалан карара яккха гIерта Донецкера аэропорт. Кхаарий дийнахь болийна тIом еарий дийнахь шорбина цара аэропортана гонах. Кхаарийдийнахь сепаратистийн лидерша дIахьедира, шаьш аэропортан доккхаха дакъа схьадаьккхина, ши-кхо де даьлча ерриг а аэропорт а хир ю шайн карахь аьлла. Конфликт официалехь сацийна аьлла делахь а, оцу меттигна гонах совцуш бац тIемаш. Еарийдийнахь яккхий тоьпаш йиттина сепаратисташа Донецкна тIе, иттех стаг вийна, хаам бо агенталлаша.