ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина дерриг а дика хир ду боху


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Москох еарийдийнахь гулйинчу инвесторийн конференцехь дийцира, Малхбузено бахьана а доцуш кхайкхийначу санкцеша цхьа а зе дийр дац Оьрсийчоьнна, аьлла. Пачхьалкх шен экономика дебош а, кхуьуш-хазлуш а, массарна а шен неIарш йиллина а еха, бохура Путина. Малхбузе херъяларх, Китай а ю Оьрсийчоьнна йохк-эцар шоръян, бохура цо.

Ткъа кху деношкахь охьадужуш, механа лахлуш ду Оьрсийчоьнан сом. Санкцеша эшаме йигинчу компанешна Iедало гIортор йийр ю, элира Путин Владимира инвесторш дебон болчу лаамца вовшахтоьхначу конференцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG