ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан Пачхьалкхана" тIе бомбанаш тоьхна


Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ коьртехь а йолуш хIоттаеллачу коалицино бомбанаш тоьхна «Исламан Пачхьалкх» олучу тIемалойн тобанашна тIе туркойн дозанца йолчу Шемарчу Кобани гIалахь. Цигахь тIемаш беш ю «Исламан Пачхьалкх» меттигерчу курдошца. 300 эзар вахархо хIусамах вохийна гIаларчу тIамо кху тIаьххьарчу кIиранашкахь. Оцу юкъанна рогIерчу ингалсхочун, Хеннинг Аланан корта боккхуш гойту видео яржийна «Исламан Пачхьалкхо».

Таксист Хеннинг лаьцнера тIемалоша дахначу Iай, Туркойчуьра Шема воьдуш. Британин премьер-министра Кэмерон Дэвида, «къинхетамбан йиш йоцу Iазап ду иза, ас дуй буу бехкенаш схьакаро», элира ингалсхочун корта баккхар хьахош шоьтан дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG