ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин дозанхошна гIо дина Iамерко


Украинин доза чIагIдеш оьшуш йолу техника дIаелла цу мехкан дозанхошка Iамеркан Пачхьалкхан секретаран Европан а, Евразин а хаттаршкахула йолчу гIоьнчо Нуланд Викторияс а, Украинера Iамеркин векло Пайетт Джеффрис а. Хаамин агенталлаш дийцарехь, цу цхьаьнакхетарехь Iамерко Украинина гIо дарца доьзна хаттарш а, Украинин малхбалехь а, къилбехь а лаьтташ долу хьал а.

Дозанхошна дIаелла 45 машенах лаьтта техника. Цул сов, Украинин доза лардечу эскархошна Iамерко елла биноклш а, карахь лело йовхо гойту аппараташ а,ток йоккху генераторш а, эскархошна дIабийша тIоьрмигаш а. Украинин «ПхиолгIа канало» бинчу хаамца, Iамерко Украинин доза чIагIдеш дайинчу ахчанан барам хир бу 26 миллион доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG