ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тIом бинчу шен махкахойх ларбала гIерта Евробарт


Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн чоьхьарчу гIуллакхийн министрш цхьаьнакхетта Брюсселехь Еарин дийнахь. Цара дийцаре деш ду Шемахь тIом бинчу шайн махкахоша терроран тIелатарш дан мега бохучуьнца доьзна хаттар. Дан дезачех цхьаъ ду кеманашца лелачу некъахойн цIерех лаьтта база кхоллар.

Хьалхо Европарламенто тIе ца ийцира цу хьокъехь болу сацам, иза адамийн бакъонаш йохор хир ду аьлла. Хаамийн агенталлаш дийцарехь, цул сов министрийн цхьаьнакхетарехь дийцаре дийр ду кхин цхьа хаттар а. Иза доьзна ду интернетерчу социалан машанашкахь «Исламан пачхьалкхан» агIончаш еш йолу пропаганда сацорца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG