ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Унлу Медет вийнарг лаьцна


Хонкарарчу полицин департаменто хаам бина, стохка бIаьста Туркойчуьра нохчийн жигархо Унлу Медет а вийна, къайлаваьлла шовзткъе ворхI шо долу киллер Алуча Мурат Iедалан каравеъна аьлла. Иза а, цуьнца цхьаьна зуламаш деш лелла цуьнан накъост а лаьцна Истамбулера Адапазар гIала боьдучу новкъа тIехь.

Айдениз Умит аьлла харц кехаташ а, шеца герз а долуш каравеъна Унлу вийнарг. Лецнарш дIакхачийна цара зулам динчу Хонкара. Туркойчоьнан прессано дийцарехь, Кремлехьа болчу цхьана нохчаша шена дош деллера, ша шортта ахча а делла шаьш Украинехь ваха охьахаор ву, аьлла, цундела хилира ша Унлу вен реза, бохуш дийцина Алуча Мурата прокуратурехь талламчашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG