ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан Пачхьалкх" гIеллуш ю


Иракъан малхбузерчу Рамади-гIалахь коммендатнан раж кхайкхийна Iедало, цунна тIегIертачу «Исламан Пачхьалкх» олучу тIемалойн тобанашна дуьхьалоеш. Оцу хьокъехь хаам бина и гIала чуйогIучу Анбар-провинцин куьйгалхочо Кархоут Сабахьа. Iамеркан Штаташа кеманашца ракеташ шайна тIеетташехь, Рамадина тIегIерта суннатойн тIеман тобанаш.

БагIдадна 100 чаккхарма герга йолу и гIала дIалаца дагахь ю «Исламан Пачхьалкхо» аьлла бу Иракъан иччархойн урхалло бина тидам. Iедалан эскарш тIемаш беш ду, иштта, Тикрит-гIалина гонах а. Цига а Iамерке кеманийн тохарш дар дехна Иракъан куьйгалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG