ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара курдашна герзаца гIо дина Iамеркин ницкъаша


Iамеркин коьрта буьйранчалло, дIадаханчу КIирандийнахь шуьйра десантан операци дIаяьхьна Туркойчоьнан дозанца йолчу Шемара Кобани гIалана гонаха. Iамеркахоша чукхоьссина мохь хьажийна бара «Исламан пачхьалкх» олучу тобанца тIемаш бечу курдойн тIеман тобанашна. Цу тайпа десантан операцеш дIахьош дуьххьара хIаваэхула чукхоьссина герз а, хIоъ-молха а, молханаш а.
Iамеркин буьйранчалло бинчу хаамца, коалицин кеманаш 11 тохарш дина Туркойчура курдашна герз дахьарна новкъарло ян гIертачу тIемалошна. Iамеркин Коьрта буьйранчалла Цхьанатоьхначу Штатийн ТIеман ницкъийн дакъа ду Юккъерчу Азехь а, Малхбалерчу Африкехь а, Гергарчу малхбалехь а тIемаш боьлхуш Iамеркин эскаршна урхалла деш долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG