Тбилисерчу гIалан кхело 7 шо ах шо набахтехь дакхха хан тоьхна Гуьржийчоьнан тIеман министр хиллачу Ахалая Бачина. Цунна бехке диллинарг ду 9 шо хьалха цо дина долу зулам. Цу хенахь Ахалая вара таIзарш кхочушдон департаментан куьйгалхо. Суьдо бинчу сацамца, Ахалаяс хьийзийна хилла чубоьхкина болу нах, уьш бовда гIерташ бара а аьлла бахьана а кхоьллина.
Цул сов, цо дикачу хьелашкахь латтийна набахтехь 2006-чу шарахь Гиргвлиани Сандро цIе йолу къона банкир верна чубоьхкина болу полисхой. Ахалая Бачане дика вевзаш Iедалхо вара Саакашвили Михаил Гуьржийчоьнна урхалла деш волуш. Цул сов иза тешаме накъост вара Саакашвилин.