ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еврокомиссин декъашхой къобалбина Европарламенто


Страсбургехь къобалбина Еврокомиссин керла декъашхой, шайн коьртехь Юнкер Жан-Клод а волуш. Европарламентан кхеташонехь Кхаарин дийнахь цу комиссин декъашхойн 28 кандидатурина реза хилира 423 депутат. 209 парламентан декъашхо дуьхьал вара. 67 депутато кхаж ца тосуш Iийра.

Еврокомиссин керла декъашхой шайн декхарш кхочуш дан буьйлалур бу Лахьан-беттан Хьалхарчу дийнахь дуьйна. Юнкер Жан-Клод Люксембурган премьер-министр хилла ву. Цо хуьйцур ву кху тIаьхьарчу пхеа шарахь Еврокомиссин куьйгалхо хилла волу Баррозу Жозе Мануэл.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG