ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джаббари йийна ГIажарийчохь


Шоьтан Iуьйринна ГIажарийчохь, коча муш а тесна, ирх а оьллина йийна меттигера къайлах сервисан белхахо хилла стаг вийна жима зуда. 26-шо долу Джаббари Рейхан къелхьаръяккха гIерташ кампани яра дIахьош интернетехула.

Адамийн бакъонашларъярхошна а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацина а хетарехь, 2007-чу шарахь талламан белхахочунна Сарбанди Мортезана тIелаттар дина и зуда и стаг шена тIегIоьртича цуьнах къелхьара йолуш хилла. Джаббарина кхел яр гIалат ду аьлла тешна бу бакъонашларъярхой.

Иза йийна аьлла хаам бина IRNA олучу хаамийн агенталло. ДЖаббари йийна хилар тIечIагIдина «Фейсбукехь» иза къелхьаръяккха гIерташ къахьегначу юкъараллин тобано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG