ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кадет хилла Байсаров Русланан воIах


Совдегаран Байсаров Русланан а, йишлакхархочун Орбакайте Кристинин а воI Дени кадет хила лууш ву, хаамбина кIирандийнахь шен Инстаграм чохь Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана.

«Ас резаволуш тIеоьцу цуьнан харжам. Денина хетарехь, къонах могуш а, сица онда а, амалца чIогIа а хила веза. Иза а, кеп-кепара хаарш а цо схьаоьцур ду кадет а хилла» - яздо Кадыровс.

Ша вигина Кадыровс 16 шо долу Байсаров Цоьнтарарчу кадетийн корпусе дIа а. Цига иза хазахетарца дIа а эцна, боху мехкан администраторо. «Сой, Байсаров Русланний бакъволу ши доттагI ву, тхойша ши ваша ву, цундела суна лаьа цуьнан воI шен Даймахкана тешаме а волуш, Оьрсийчоьнан патриот хуьлийла, - тIетуху Кадыровс.

Байсаров Дени 2009-чу шарахь нохчийн бизнесхочо, дас, дов а даьлла, шен нана йитича, сецна дена гергахь. Орбакайте шайн кIант Iамерка дIавига йоллу, аьлла, Соьлж-ГIаларчу кхелехула дов айдира Байсаровс. Кхело воI деца хила догIу аьлла бира сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG