ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайх къаьстинарш духьалбевлла "Исламан Пачхьалкхана"


Шемин куьйгалхоша а, цигарчу жигархоша а бечу хаамашца, Шемин Маьрша эскар олу тIеман тоба Туркочуьра кхаарийдийнахь чоьхьаяьлла цигарчу дозанехь йолчу Кобани-гIалина, «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу исламистийн дакъойх лата. Цара гIодийр ду деношкахь курдойн тIемалойх дIакхеттачу Пешмерган дакъошца Кобани мукъаяккхарехь.

Шемин Маьрша эскарера 50 бIаьхо дIакхаьчна Кобани, хаамбина курдоша. Амма оцу герзахойх лаьцна комментари ца йина цкъачунна туркойн Iедало.

Шемин Маьрша эскар – иза хьалхо шайн махкахь Асад Башарна дуьхьаллаьттина тIемалойн тоба ю. Таханенна 800 сов вахархо вийна «Исламан Пачхьалкхан» ницкъаша Кобанихь, хIусамех воьхна 200 эзар, бохуш бу цигара кхочу хаамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG