ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсаша Украинана газ йохкайолорах йоккхае Европа


Европан лидерша къобалдо Оьрсийчоьно Украинана газ йохкар меттахIотто сацамбар а, президента Путин Владимира Донбассерчу сепаратисташа дIахьош болу харжамаш лигитимехь бац алар а.

Путинан а, Украинан а, Германин а, Францин а президенташа Порошенкос, Меркелас, Олланда а телефонехула динчу къамелан лар ю иштта хийцамаш Оьрсийчоьно бар. Брюсселехь дехха лаьттира Украине оьрсийн «Газпромо» ягориг кхачорах долу дийцарш.

Немцойн Iедалерчу цхьана векало ма-аллара, боккха толам бу Европе, шех чекх а йоьккхий, газ транзитехь дIакхачочу Украинана оьрсашца барт карор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG