ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йийсаре баьхкина гIаттамхой байина Шемахь "Исламан пачхьалкх" тобано


Шемара 8 гIаттамхочуьнан кортош даьхна «Исламан пачхьалкх» олучу тобанан декъашхоша. И нах йийсаре баханера дIадаханчу кIиранах Иракъан дозанца йолчу Альбу Камал олучу гIалахь. Царна амнисти йийр ю аьлла дош деллехь а, и нах къиза байина хиларх лаьцна хаам бина Оршотан дийнахь Британехь туп тоьхначу Шеман бакъаонашларъярхойн центро. «Исламан пачхьалкх» олучу тобано халифат кхоьллина Шемахь а, Иракъехь а шаьш Iуналла дечу территореш тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG