ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а дайделла Оьрсийчоьнан сом


Сом юха а дайделла Москох валютан биржехь. Кхаарин дийнахь цхьана долларх лора 45 гергга сом. Еврон курс яра 56 сом. Сом дайдаларан бахьана ду мехкадаьттан мехаш охьадовлар а, Оьрсийчоьно Украинера сепаратисташна гIо дар бахьана долуш цу пачхьалкхана дуьхьал керла санкцеш кхайкхо мегаш хилар а. Цул сов, Оьрсийчоьнан коьртачу банко дитина соьман курс лакхара латто гIертар. Цхьаболчу хаамашца, цу Iалашонца цхьана баханчу ГIадужу-баттахь Оьрсийчоьнан банко дайина 30 миллиард хиллал доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG