ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Республикан партера политикашца цхьаьна болх бан дагахь ву Обама


Кху беттан 4-чу дийнахь Конгрессе хиллачу юкъарчу харжамашкахь толам баьккхинчу политикашца-республиканхоша цхьаьна болх бан кийча ву ша аьлла, дIахьедар дина Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака.

Кхаарин дийнахь вист хуьлуш цо кхайкхам бира Векалийн чоьнехь алсам болчу республиканхошка шена гIортор яхьара уггаре хьалха Эбола хоршан эпидемица а, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанца а къийсам дIахьош аьлла.

Демократ волчу Обамин дезар ду дисинчу шина шарахь болх бан Конгрессан шина а чоьнехь алсам болчу Республикан партин декъашхошца. Кхаарин дийнахь керлачу Сенатан куьгалхо хIотто мегаш волчу сенаторо Макконел Митча дIахьедар дира федералан Iедалан болх цхьана а кепара соцур бац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG