ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера сепаратистийн харжамаш лору, амма къобул ца бо Оьрсийчоьно


Донецкан а, Луганскан а халкъан республикаш олучу тобанаш дIабаьхьначу харжамех лаьцна Оьрсийчоьнна хетарг довзийтина цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллаккхийн министралло. Оьрсийчоьно лору, амма къобул ца бо и харжамаш аьлла дIахьедр дина Оьрсийчоьнан президентан гIоьнчас Ушаков Юрийс. Цо дийцарехь, Оьрсийчоь лууш ю «минскера процесс» кхин а дIаяхьийтарIалашонца рогIера контактан тоба цхьаьнакхетийта.

Хьалхо Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедар динера Москох дагахь ю Украинин малхбалерчу кIошташкахь хилла кхажтасар къобул дан аьлла. Изза дуьйцуш бара Пачхьалкхан Думан декъашхой а. Евроберто а, НАТО-но, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино а критика йира кху беттан 2-чу дийнахь Оьрсийчоьнехьа болчу сеператисташа Украинехь дIабаьхьначу харжамашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG