ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сепаратисташа а, Оьрсийчоьно а бохош бу Донбассера машар


Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Штайнмайер Франк-Вальтера дIахьедина, Украинан малхбалера хьал телхаш ду, агIонаша, Оьрсийчоь а декъахь а йолуш, ца ларбо ши бутт хьалха Минскехь бина барт, аьлла. И къамел цо дира оршоьтан дийнахь Казахстанехь хьошалгIахь ша волуш.

Европан Берто а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а кхайкхийна шайгара гIайгIа – церан лидерш резабац сепаратистийн куьйгакIел болчу Украинан мехкашкахула алссам эскарш а, тIеман ковранаш а дIасалелаш хааяларна. Донбассехь алссам герзаш дуьйлуш хааделла кIирандийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG