ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вирдаш а башхалле дохуш хилча...


Нохчийчоь --Зикрехь, 25Чил2010
Нохчийчоь --Зикрехь, 25Чил2010

Нохчийн кегийрхой салафияйа маззапах ларбеш, цара муьлха вирдаш леладо толлуш бу Iедална гергаболу Iеламчаш, школашкахула а лелаш. Вир къастор стегаш шен къайле а, лаам а бу, амма Iедална иштта ца хета.

Цхьаболчу Iилманчаша билгалдоккху тахана Нохчийчохь тIаьхьабозуш мурдаш а болуш, 20 сов вирд хилар, кхечара церан терахь 30 –нал тIехдолуш ду боху. Цара далочу терахьашца вайнахах ваьлла 109 шайх-эвлаяъ.

Тергамхоша тидам тIебахийтарца хIинццалц схьа, кху тIаьхьара ткъеха шо тIекхаччалцца-м ирх-пурх а кхин дIоггара маьIне дацара стаг муьлхачу вирдехь ву бохург. Дукха хьолехь нахана хаа а ца хаьара я бала а ца кхочура мила муьлхачу вирдехь ву бохучу хаттаран. Иза хIораннан а шен гIуллакх а, лаам а бара. Карарчу хенахь сурт нийсса бIостанехьа хийцаделла.

ХIинца кхузахь Iаламат маьIне лоруш ду, ур-аттал бераша а, цхьа устаз а хаьржина вирд даккхар. Цхьаболчара и жигаралла юзу кху тIаьхьарчу шерашкахь вахабхой дог-ойла йолчеран могIарш луьста довларца. ГIаланашкахь а, ярташкахь а дукха кегийрхой бу масала, оьрсийн маттахь яздина цхьацца жайнаш а дешна, беш хьулам а боцуш ,эвлаяаш бу бохуш, вирд даккха Делаца накъост лецар КъурIанчохь магийна хIума дац бохуш къамелаш хазош.

ХIора а баттахь бохург санна, дебаш ду рузбанан дийнахь делкъа ламаз а ца деш, маьждигера жа санна арабуьйлурш а. Iаьрбойн маттахь йоза-дешар карадерзийна а болуш, кIорггера дешна болчу цхьаболчу Iеламнаха чIагIдарца цхьана устазо - Доккас, Бахьас. Iусман -хьаьжас, Кунта-Хьаьжас - цхьаммо а ца баьхна шаьш хьехаде, шайна хастамаш бе.

Цара баьхнарг цхьаъ ду: Цхьаъ веш, Дела хьехаве, Пайхамар бакъ ве. «Суна гергахь Дела хьехо, Далла хастамаш бан, Кхоьллинчух кхера мега я ца мега бохург ду-кх вирд. Далла тIаьхьаваза, Далла Iамал ян сихло,виц ма ло бохург ду-кх вирд. Дахар кхеторан къилба, хатI-барам, адамийн юкъаметтигийн бустам, хIоранна а бусалбаллин тоьшалла ду ала а тарло-кх вирд. Вирд даккхар Далла вацар а,ийманехь сов валаран тIегIа ду».

Герггарчу барамехь ишта кхетийра вирд Теркйист кIоштан Ломаз юьртарчу Iелам стага Лечиев Шаид Хьаьжас. Цо юх-юха а билгалдоккху эвлаяаша бусалбанашка Далла Iамал ярехь совдийларе кхайкхар доцург, шайна дика болх бе баьхна цахилар.

Вирдийн хьокъехь зIенехула сан къамел хилла Лечиев Шаид хьаьжна тешна ву бусалбан динехь адам кIаргдарехь, церан суьпалла, Далла Iамал ян болу лаам алсамбаккхарехь вирдаша юкъараллехь дика хьекъадо аьлла.

Кхин хIумма а ца хилча а боху Шаид-Хьаьжас эвлаяаша Делан хьахор,цунна дацаран тIегIа лакхадаккхаре кхайкхина ца Iаш, барт-марзоне,цхьаалле, адамалле. къинхетамалле, вовшех дог лазаре, кхайкхина бусалбан нах. Вуьшта аьлча, цара адамашлахь хаддаза даржийна бусалбан динехь пайдехьа а.перза а мел лоруш долу деза хIуманаш.

Цхьанне къайле а йоцуш тахана махкахь хууш ду Нохчийчохь уггар стамделларг, мурдаш дукха берг Кунта Хьаьжин вирд хилар.Цхьаболчу тергамхоша и дузу мехкан берриг бохург санна куьйгалхой цу вирдехь хиларца. Цу вирдан мелла а алсам тидам беш хиларан, лач делахь а, тоьшалла лору могIарерчу наха, Iедалан хаамийн гIирсаша дукха хьолехь Далла Iамал еш гойтуш берш а, шайх лаьцна дуьйцуш берш а Кунта Хьаьжин вирдехь берш хилар. Делахь а бахархошна хьаам бийриг ду официалан тIегIанахь, къестамаш а беш, кхидолчу вирдашна инкарлонаш цаяр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG