ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден Джо: "Ларде, Путин, хьайн дош!"


ПIераскандийнахь Киевехь къамелдеш Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президента Байден Джос элира, Европехь догIуш дац цхьана пачхьалкхо луларчу пачхьалкхана тIамца тIеIаткъам бар, ницкъаша дозанаш цестар».

Украинан президентца Порошенко Петроца хиллачу цхьанакхетарехь Байдена Оьрсийчоь а хьахийра. «Нагахь санна Москох ша кхечаьрца цхьана Минскехь Украинана лехна барт а ца бохош, оцу мехкан цхьаалла а лоруш, дIайодахь, вайга санкцеш юхаяхарх а дийцалур ду, ...ткъа цкъачунна гушдерг Минскехь бина барт цо дера бохор ду», - бохура Штатийн вице-президента.

«Кхочушде, лараме Путин, цигахь айхьа делла дош, аьлла тIетуьйхира Байден Джос. Украинера Оьрсийчоьно ГIирма дIаяккхар Вашингтоно къобал ца до, дийр а дац, кхечу пачхьалкхашка иза ма дахьара а бохур ду, -элира цо.

Украинехь цIенна харжамаш а дIабаьхьна, иза Европехьа а гIерта, демократехь яха шена лаарна. Цу новкъахь шу мел ду, Цхьанатоьхна Штаташ шуьгахьа хир ю», - бохура Байдена украинахошка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG