ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко къобал ца бо оьрсийн а, абхазхойн а барт


Оьрсийчоьно а, Абхазино а тIеэцна барт къобал ца бо шаьш аьлла дIахьедар дина Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Цунах лаьцна хаам бина Iамеркин пачхьалкхан департаменто.

Оьрсийн а, абхазхойн а барт тIеэцна Оршотан дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, Абхазин куьйгалхочо Хаджимба Раула а.

«Цхьаьтоьхначу Штатин Абхази а, Къилба ХIирийчоь а хьокъехь йолу позици хьалха санна юьсуш ю: и регионаш дIакъасто йиш йоцу дакъош ду Гуьржийчоьнан» аьлла ду Iамеркин дIахьедарна тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG