ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь суьдхоша 13 шо тоьхна гIалгIайн тIемалочунна


13 шо хан а тоьхна чувоьллина Нохчийчохь милцой тIехь болу БТР эккхийтина волу ГIалгIачоьнан вахархо. Цуьнан цIе ю Альдиев Хьамзат. Цо динарг терроран акт лаьрра суьдхоша.
Цара бинчу сацамца, милцой тIехь болу гIагI диллина машен эккхийтинера 2012-чу шарахь Марсхьокху-беттан 10-чу дийнахь ТIехьа Мартан кIоштахь. И бахьана долуш эшам хиллера Воронеж махкара Нохчийчу ваийтинчу пхеа милцочунна.
И болх бинарг Альдиев Хьамзат ву аьлла сацам бина суьдо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG