НАТО-н Европехь болчу ницкъийн буьйранчо инарло Бридлав Филипа дIахьедар дина Украинин малхбузехь дIатардина Оьрсийчоьнан эскарш а ду, уьш Украинин армица тIом бечу сепаратистийн коьрта дакъа а ду аьлла.
Киеве визите ваханчу Бридлава шаьш саготта хилар хаийтина Оьрсийчоьно ницкъаца дIалаьцначу ГIирмехь шен эскарш дIатардеш хиларна. НАТО-н инарло дийцаре деш ду Украинин куьйгалхошца Украинин малхбалехь кхерамазалла хIотторца доьзна хаттарш. Цул сов шина агIоно дийцаре деш ду Iамерко Украинин тIеман секторна гIо дар а.