Еарийдийнахь Украинан президента Порошенко Петрос шайн махкахь боьду тIом сацон керла маслаIат юкъадоккхуш кхайкхам бина. Малхбалерчу Украинехь пачхьалкхан эскарша герз сацор долуш, «тийналлин де» хир ду ГIура - беттан 9-гIа де, аьлла цо, кхидIа а машар латтаре дог а дохуш.
Гезгмашин-баттахь Минскехь Украинан Iедалан барт хиллера сепаратисташца машар хIоттон, амма ца сецира цигахь дуьйлу герзаш – цул тIаьхьа а вийна цхьа эзар сов стаг.