ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу тIеман жамI


Еарийдинахь хиллачу тIематасадаларшца доьзна мехкан Iедало Соьлжа-ГIалахь кхайкхийна антитерроран операци юхаяьккхина аьлла, хаамбина Нохчийчуьрчу оперативан штабо. Тергамчаша дийцарехь, 2004-чу шарахь дуьйна лерича, Соьлжа-ГIалина кху деношкахь дина тIелатар пхоьазлагIа а, уггара луьрачех а ду.

ТIаьххьарчу хаамашца, Соьлжа-ГIалахь хиллачу тIематасадаларехь вийна 10 гIаттамхо а, 10 полисхо а, лазийна чоьхьарчу гIуллакхийн хьукматашкара 28 белхахо а. Зорбанан ЦIийнан херцаршна бухахь карийна маьршачу вахархочун дакъа а. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамашца, беллачу полисхойн терахь 14 ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG