Шен мехкан малхбалехь ша кхайкхийна машар ларбеш бу, аьлла дIахьедина Австрале вахана волчу Украинан президента Порошенко Петрос пIераскандийнахь.
«Дуьххьара ду кху ворхI беттачохь Украинехь стагга а венза денош довлар, иза суна мел деза ду шайна хаахьара! Хьал иштта дIадахча, машар а, паргIато а баккъал а юссур яра тхан махка», - элира цо.
Украинехь лаьттачу «Тийналлин Дийнан» хьокъехь, шийла белахь а, хIоьттинчу машаро некъ ло конфликт ерзон, аьлла Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс.