ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло дуьхьало йийр ю керлачу санкцешна


Украинерчу кризисца доьзна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнна духьал керла санкцеш яхахь, цо доггIу жоп лур ду, аьлла, дIахьедина Кремлан дипломатин хьалханчин гIовса Рябов Сергейс. Украинана герзашца гIо а деш, Оьрсийчоьнна дуьхьал рогIера санкцеш яхар дийцаредеш яра Штатийн Сенат а, Векалийн Палата а кхаарийдийнахь. Кечдина низам тIечIагIдар дуьсу президентна Обама Баракна тIехь.

Украине 350 миллион долларна герз а, тIеман техника а хьажош ю кечйина низаман проект. Танканашна дуьхьалоен герз а, техника а, радараш а, кеманаш-иччархой а, коммуникацин гIирс а бу Украинана бала кхачийнарг. Иза шайн иэсехь буьсур болуш сацам бу боху Украинан парламенто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG