ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIунда тIаьхьадаьлла бакъонашларъярхошна Нохчийчура Iедал?


Нохчийчоь - ТIемалой бу аьлла нехан ягийна хIусуамаш, ГIуран-бутт, 2014
Нохчийчоь - ТIемалой бу аьлла нехан ягийна хIусуамаш, ГIуран-бутт, 2014

ГIуран-беттан 13-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь ягийна бакъонашларъярхойн мобилан тобанан белхан чоь. Оццу дийнахь Iедалша вошахтоьхна митинг хилла цигахь бакъонашларъярхошна дуьхьал хьажийна йолу. Оцул тIаьхьа меттигерчу милцоша дIалаьцна Нохчийчоьхь болх беш волу адамашна ницкъ барна дуьхьал йолчу комитетан ши белхахо.

Оцу хиламашца доьзна ду оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар.

ХIун Iалашо йолуш тIаьхьадевлла Нохчийчура Iедалш адамашна ницкъ барна дуьхьал йолчу комитетан декъашхошна а, церан накъосташна а? Цу бесса баккхийн къоман мостагIий бу бакъонашларъярхой?

Хетарг ала луучунна тхайн телефонаш йовзуьйту оха. Прагехь: +420 72 40 19 8 32.

Боцца горгали баийтинчул тIаьхьа тхаьш зIене а девр ду тхо.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65

XS
SM
MD
LG