ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХАМАС терроран тоба яц аьлла хета Евробертан кхелана


Евробертан суьдо юхабаьккхина 2001-чу шарахь Евробертан кхеташоно Палестинера ХАМАС тоба терран тобанашна юкъатухуш бина сацам. Цуьнан бахьана ду Евробертан куьйгалло и тоба терроран тобанийн цIейозанна юкъатоьхна хилар, зорбанан гIирсаша дуьйцург бухе а диллина. Делахь а ХАМАС-ан Европерчу банканашкахь йолу чоьташ схьайостур яц кхо бутт баллалц, суьдан сацаман латкъам бахь а аьлла.

Кхаарин дийнахь Евробертан векалша дIахьедар дина шаьш ХАМАС тоба кхин дIа а терроран лоррур ю аьлла. Еврокомиссин пресс-секретаро Коцьянчич Майас дIахьедар дина Европан суьдан сацам низамашца боьзна бу иза Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн политикан сацам бац аьлла. ХАМАС терроран тобанашна юкъатоьхна ю Канадо а, Израила а, Японино а, Iамерко а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG