ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьман курс латтош 10 сов миллиард доллар доьхкина Оьрсийчоьнан Коьртачу Банко


ХIара бутт болабелчул тIаьхьа соьман курс латтош 10 сов миллиард доллар доьхкина Оьрсийчоьнан Коьртачу Банко. Иштта цхьана ГIуран-беттан 15-чу дийнахь цо доьхкина 2 миллиард гергга доллар. Кхаарин Iуьйранна Москох биржехь сом кхин а дайделла.

Цуьнан мах бара 72 сом ах сом. Евро дазделла кхаа соьманна. Цуьнан мах бу 88 сом а, кепекаш а. Брент цIе йолчу мехкадаьттан мах лесташ бу цхьана черманах 60 долларал лахахь. Кхеташ ду наха карахь духкуш евро а, доллар а кхин а деза хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG